Гапур Алиев - Сан илли д1адоьда / Gapur Aliev - My song goes (English translation)

Десачу гуьйна тIе меца пхьуй санна,
КIецаш еш, хьан кIентий гуллучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, гила-борз санна,
Акхачу хьаннашкахь лазамна угIа.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!
Карраш зен гIевттинчу майданийн койша
Узтазаш неIалтах багочу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, сира сай санна,
Тарханийн назмане ладоьгIуш латта.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!
Курхалчаш, гIазотан байракхаш ловзош,
Къомах кхаж тарбелла хьийзачу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, IиндагIа санна,
Еллачу ярташкахь хьан серло леха.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!
Кхоаме, тишачу барзакъе санна,
Халкъ шен лайн амалшка хьоьжучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, къена мурд санна,
Бицбинчу бIан новкъахь гIароллехь латта.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!
Хьо йохка Iеминчу къуйн стешха кIезий
Баьччанийн ловзарех ловзучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, аьрзуно санна,
Хьан некъийн хIора сиз бIаьрсица къийла.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!..
Art: Vaharsolt Balatkhanov
Translation: The.willful.chechen / Instagram

Пікірлер: 7

  • @acheki1700
    @acheki17004 ай бұрын

    It is utterly beautiful: the lyrics, the melody and the voice.

  • @annasidorova7317
    @annasidorova7317 Жыл бұрын

    Дала Г1азот къобол дойла шу нохчи къома кьунахи.Хила хьеназ даиха шу Нохчичу шу доцуш байлах ю.

  • @user-xz6gk6cs2q
    @user-xz6gk6cs2q7 ай бұрын

    Аллах Акбар

  • @annasidorova7317
    @annasidorova7317 Жыл бұрын

    Гапур Алиев -настоящий сын Ичкерии и прекрасный поэт.

  • @annasidorova7317
    @annasidorova7317 Жыл бұрын

    Дала гечдойла хьуна нохчи къома кьунах Гапур Али кьант.

  • @raydo8680
    @raydo8680 Жыл бұрын

    Цугаев Супьян хусамехь вокхьа хьаша вар Гапур… Аллахь гечь дойла царна …

  • @ChechenCebarloyNationalist
    @ChechenCebarloyNationalist3 ай бұрын

    MARSHO NOXCHI Free Chechnya 🐺🐺🐺🐺🐺🐺🐺🐺🐺⭐️⭐️⭐️⭐️⭐️⭐️⭐️⭐️⭐️❤️❤️❤️❤️❤️❤️❤️❤️❤️

Келесі