Бисултанов Апти , Дег1аста . ( видео с Нашха)

Дег1аста
юха а ярташ т1ехь сенлуш ду к1арраш,
юха а ц1инлуш ду ламанийн карраш,
Дег1аста Дег1аста хьох дагайолуш,
хетарехь, юха а б1аьсте ю йолуш…
Далла хьо езарна билгало юй те,
Делан мас-маликийн орца и дуй-те?
цкъа а ца хиллачу кепара мерцаш,
сел серлаюьйлу хьан маршонан херцарш…
сан цхьа ког кошахь ву важа хьан лаьттахь,
шахидийн ц1ийх заза доккхучу лаьттахь,
Дег1аста Дег1аста со а ву дийна,
дийнаберш беллачех хьоьгучу дийнахь…
дагна т1е дог дуьллий хьоьга ладоьг1уш,
дашна т1е дош уьллий хьо Деле йоьхуш,
хьох дина до1а ду сан некъийн хазна,
къеначу сан ненан хьох йолу назма…
сан кхиндерг дацара лардан я дайа,
весете дилла я байракхах айа,
дуьненчу волуш цкъа гина хьан бос бен,
мотт 1емаш дуьххьара хьох аьлла дош бен…
хьох ведда д1авоьдуш ведда ц1а вог1уш,
дуьненан г1айг1анаш ахь серлайохуш,
сайн эрна кхерстар а хетара хьанал,
маьрша цхьа к1ур болуш хьо хилчахьана…
тийналлин к1оргенехь аьрцанийн к1ожехь,
маьрк1аже т1ейог1уш назманан озехь,
къорачу кхокханан г1айг1анехь нанас,
некъе ладоьг1уш цхьа юьрт хилчахьана…
ткъа тахна леташ верг летта д1аволуш,
ида мел луучун идда садолуш,
хьан Са1ди-к1отарахь хьан х1ора эвлахь,
йогуш ю Дади-юрт Девкара-эвла…
дийначун х1усам яц веллачун каш а,
к1езга ду къанойн дош хьан къонойн даш а,
ког ловза меттиг бац букъ тоха берд а,
мостаг1а хьан оьзда х1у дайа г1ерта…
хьан латта даьккхина кхерсташ ю алу,
хьан стигал яьккхина 1ожаллин талу,
амма хьо хазлуш ю 1ийданехь санна,
хьайн г1азот дуьненна д1агайта санна…
ткъа х1инца х1ун ала ас хьох а сайх а?
хьо ларъеш оьгучу маршонан дайх а?
Дег1аста Дег1аста 1аьмаран Заза,
со цкъа а гина вац хьо ишта хаза.

Пікірлер: 45

  • @user-ey2zs4fu5c
    @user-ey2zs4fu5c2 жыл бұрын

    Очень надеюсь,что именем Апти Бисултанова назовут лучшую улицу Грозного!!!! Его поэзия не может не тронуть сердце и душу .

  • @ichkerimoxk4320

    @ichkerimoxk4320

    11 ай бұрын

    Когда вернемся домой каждый получить по своим заслугам, предатели своё, настоящие сыны Ичкерии своё Ин ша Аллах!

  • @user-pm5nh8gx4e

    @user-pm5nh8gx4e

    7 ай бұрын

    Мне 70лет, очень жду этот день, когда увижу, как города ,улицы, площяди, назовут именами ушедших наших героев ,мой отец умер в 1996г, счастливый дождавшись победы Чечни над захватчиками

  • @Dorogavvechnosti

    @Dorogavvechnosti

    7 ай бұрын

    ​@@user-pm5nh8gx4eДал мукълахь!Дал гечдойл хьа денаа ,д1а маьл кхелханча ц1ен нохчшан а ,т1е г1он долчу вайнаа!

  • @susannaberlok3715
    @susannaberlok37153 жыл бұрын

    Апти,Дала 1алашвойл,хьо ,Дала хьуна санна Даймохк безар лойл тхуна, ..❤❤❤❤

  • @amhadahmatov7546

    @amhadahmatov7546

    Жыл бұрын

    Амин йа Аллахl

  • @annasidorova7317
    @annasidorova73173 жыл бұрын

    Дала Сий дойла хьа Апти Бисултанов.

  • @natusmontibus2174
    @natusmontibus21742 жыл бұрын

    Дела реза хюлда хьуна Мурад. Вай мохк хаз бу, Апти Бисултанова дешнаш онда чулацам болш хаз ду. Даиман ишт лакхи йолчу лотийла хьо Мурад. Хьан б1аьрго ма лоцу хьай Дай латте хьоьжуш.

  • @user-lb9kk4zo4d
    @user-lb9kk4zo4d2 жыл бұрын

    Апти, Даймохке безам бу хьан массо дашца!Дала сий дойла хьан!

  • @user-bq9lx6se2i
    @user-bq9lx6se2i3 жыл бұрын

    В каждом слове боль и тоска по родине .

  • @bonnviva2442
    @bonnviva24423 жыл бұрын

    Хьайбаха сан дай баьхна латта.((

  • @user-ke5fi3cn3l
    @user-ke5fi3cn3l4 жыл бұрын

    Ассаламу 1алейкум Нохчи! Нохчи ,Аллах1а лардойла вай фитне нахах !

  • @user-dc3io2nb5h

    @user-dc3io2nb5h

    3 жыл бұрын

    Ва 1алейкум салам

  • @malikaukusheva9429
    @malikaukusheva94293 ай бұрын

    ❤❤❤❤❤❤❤❤❤❤

  • @user-cc2op7so3l
    @user-cc2op7so3l8 ай бұрын

    ❤❤❤

  • @annasidorova7317
    @annasidorova73172 жыл бұрын

    Такого ,как Апти Бисултанов ,второго сегодня нет у чеченцев .Дала дукьвахил хьо ,Апти .

  • @user-ke1gt7ql5w

    @user-ke1gt7ql5w

    2 жыл бұрын

    Под одним из видео писали что этот апчхи во времена Ичкерии занимался продажей людей

  • @user-py4ki5ci1z

    @user-py4ki5ci1z

    2 жыл бұрын

    @@user-ke1gt7ql5w Делах ца кхоьру хьо иза яздан? Хьоьгий,хьо санна болчаьргий сий Дайъалур дац цуьнан

  • @nohchobeno4836

    @nohchobeno4836

    2 жыл бұрын

    @@user-ke1gt7ql5w во времена Ичкерии мы все прекрасно знаем кто продавал людей, ямадаевы, сегодняшние ахматпсиновцы, они продавали людей, но ты этого не скажешь, потому как ты и есть ахматпсина.

  • @user-qm4gz6ew1b

    @user-qm4gz6ew1b

    Жыл бұрын

    Нохчол !

  • @triadamafia980
    @triadamafia9803 жыл бұрын

    Аллвх1 даиман дог хьостийла хьан

  • @Dada_Sharip
    @Dada_Sharip5 жыл бұрын

    👍👍👍

  • @susannaberlok3715
    @susannaberlok37153 жыл бұрын

    👍🏾👍🏾👍🏾👍🏾👍🏾👍🏾👍🏾👍🏾👍🏾

  • @djigit8494
    @djigit84943 жыл бұрын

    Нашха ☝️

  • @susannaberlok3715
    @susannaberlok37153 жыл бұрын

    👍🏾👍🏾👍🏾👍🏾👍🏾

  • @susannaberlok3715
    @susannaberlok37153 жыл бұрын

    ❤❤❤❤❤❤❤

  • @user-tz1ur7hg8s
    @user-tz1ur7hg8s Жыл бұрын

    Браво!!!!

  • @Abrek_che_

    @Abrek_che_

    Жыл бұрын

    👍👍👍

  • @mountains_of_chechnya
    @mountains_of_chechnya4 жыл бұрын

    👍

  • @ZaraNevajno
    @ZaraNevajno2 ай бұрын

    Автор: исправь ошибку названии видео на ДЕКЪИСТА*

  • @user-oj4xu3jz9o
    @user-oj4xu3jz9o Жыл бұрын

    🤌🏻🤌🏻🤌🏻

  • @user-pu8wx1oe9m
    @user-pu8wx1oe9m Жыл бұрын

    Ассаламу аллейкум НОХЧИЙ

  • @Murad_Nashho

    @Murad_Nashho

    Жыл бұрын

    Ва 1алайкум ассалам, Нохчо.

  • @user-qm4gz6ew1b
    @user-qm4gz6ew1b Жыл бұрын

    Почему с 1944 г в Нашхе не восстанавливают в полном объёме села. И т д.

  • @leche3934
    @leche39342 жыл бұрын

    Ассаламу Iалайкум. Подскажите, пожалуйста, где можно найти стих без мелодии на фоне?) Искали на просторах интернета, не нашли) Дела реза хуьлда)

  • @galarho

    @galarho

    Жыл бұрын

    kzread.info/dash/bejne/dZ5sj6Owhba8qco.html

  • @leche3934

    @leche3934

    Жыл бұрын

    @@galarho Дела реза хуьлда)

  • @ali.yakhyaev
    @ali.yakhyaev2 жыл бұрын

    Машааллах1! Знаешь как называется музыка?

  • @caucasian6283

    @caucasian6283

    2 жыл бұрын

    Музыка из фильма последний самурай.

  • @kos_ma

    @kos_ma

    Жыл бұрын

    A small measure of pease…. Hans zimmer

  • @Dorogavvechnosti

    @Dorogavvechnosti

    7 ай бұрын

    Откуда музыка не знаю ,но знаю что она сильно мешает восприятию этого прекрасного стиха , который не нуждается в дополнительных звуках ,чем прекрасные слова поэта!

  • @user-le3he7jl6s
    @user-le3he7jl6s Жыл бұрын

    👍👍👍👍👍

  • @ccql8773
    @ccql8773 Жыл бұрын

    👍👍👍

Келесі