БЕКАЛАХЬ НОХЧИЙН МОТТ (Болтукаева Лиза)

Бекалахь,Нохчийн мотт,
Сан къоман аз хилий
Сингаттам беъначохь
Пондаран мерз хилий.
Сатесча Даймахке
Шовданан ч1уг хилий
Самукъа даьллачохь
Мехкарийн йиш хилий!
Ламанийн локхаллехь
Аренийн сеналлехь
Нохчийн мотт бекалахь
Зарзаран мукъамехь!
Бусулба дин долчохь
Ийманан нур хилий
Барт боьхна доьзалехь
Машаран т1ай хилий.
Накъостал эшначохь
Къонахчун дош хилий
Тешнабехк биначохь
Болатан суй хилий!
Ненан къинхетамехь
Дас лучу хьехамехь
Бекалахь Нохчийн мотт
Даимна бекалахь!
Болтукаева Лиза
телеграм t.me/hazayoza

Пікірлер: 8

  • @user-fv3bb9zp4m
    @user-fv3bb9zp4m Жыл бұрын

    Ма Шаа Аллах1, даиман санна хаза д1айийши!!!👍🏻👍🏻👍🏻

  • @hazayoza

    @hazayoza

    Жыл бұрын

    Дела реза хуьлда хьуна!😊

  • @user-fv3bb9zp4m

    @user-fv3bb9zp4m

    Жыл бұрын

    @@hazayoza Вайна массарна хуьлда Дела реза!

  • @user-dm7jl3fr5b

    @user-dm7jl3fr5b

    Жыл бұрын

    💗💗💗

  • @ccql8773
    @ccql8773 Жыл бұрын

    Дел рез хийл Нохчи кьоман доьхь кьа маьл хоьгачун!👍👍👍

  • @hazayoza

    @hazayoza

    Жыл бұрын

    Амин

  • @user-gg4pz2gd2k

    @user-gg4pz2gd2k

    Жыл бұрын

    АМИН я АЛЛАХ1

  • @user-dm7jl3fr5b
    @user-dm7jl3fr5b Жыл бұрын

    😇🤲🤚

Келесі